ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Умаровс бахархошка протест гIаттаяр дехна


"Ямарт, диверсин кибератака ю Кадыровн аккаунтна йинарг" баьхначу Нохчийчуьрчу зорбан министро Умаров Джамбулата бахархошка шайн позици дIакхайкхае аьлла.

"Маршо, дин, култура хийра хетачех шаьш дацахь, вайн баганаш дIакъовла гIертачарна дуьхьал довла кхойкху ас шу. Шайн аккаунтийн агIонаш тIехь ейша протесташ, вешан цхьаалла а, барт хилар а дIагойтуш. Лаьттийла Оьрсийчоь. Лаьттийла Нохчийн республика", - аьлла Умаров Джамбулата.

Шоьтан Iуьйранна социалан машанашкара Инстаграм а, Фейсбук а дIаяьккхина ю Кадыров Рамзанан. Цуьнца солидаралле ваьллачу парламентан спикеро Даудов Мохьмада шен аккаунт а дIакъевлина.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG