Малхбалерчу Украинехь герзаш совцош бинчу бертана тIехь терго латточчу Юкъарчу центран белхан юкъаяре кхайкхина Оьрсийчоь Германин канцлера Меркель Ангелас а, Францин президента Макрон Эммануэла а. Кху кIиранах оьрсийн эскархоша дIатеснера и центр, Украинано болх бан лартIехь хьелаш ца кхуллу шайна аьлла.
Оьрсийчоьнан президентца Путин Владимирца а, Украинан лидерца Порошенко Петрца тIаьххьарчу деношкахь и тема йийцарейира Меркела.
Шоьтадинахь Меркела а, Макрона зорбане даьккхинчу дIахьедарехь конфликтан шина а агIоне доьху ситуацин деэскалаци а яй, Минскан барт ларбан дуьйлало, аьлла.
Дахначу кIиранах, ОБСЕ-н жамIашца, Донбассехь ницкъбар тIаьххьарчу беттаншца дуьстича, хаъал лакхадаьлла. Масех маьрша вахархо вийна деттачу герзаша.
Шоьтан буса дуьйнна конфликт лаьттачу регионехь "керлачу шеран" маслаIат дара юкъадаьккхина.
Оьрсийчоьно гIортор латточу сепаратисташа лар ца до аьлла, хаамбинера Украинан эскархоша.