ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийн кегийрхон юкъаралла акци дIаяхьа лерина ю Iамеркана дуьхьал


Кадыров Рамзанан Инстаграм дIакъовларца доьзна, цунна гIортор еш, акци дIахьур ю нохчийн кегийрхоша. И хаам бина "Москоха дуьйцу" радиостанцига нохчийн кегийрхойн юкъараллан лидеро Тапаев Рустама.

Цо бахарехь, масех кеп ю цара юьхьараэцна – аккаунташ дIакъовлар цхьабоса я посташ язъяр Кадыровна гIо лоцуш.

"Мухха а гIо лоцур ду оха мехкан куьйгалхочун. ЧIогIа новкъадеана масарна а, цуьнан Инстаграмера аккаунт дIаяккхар. Тхох, кегийрхойх а хьакхаделла и", - аьлла Тапаевс.

Шоьтан Iуьйранна дуьйна къевлина ю Кадыров Рамзанан Фейсбукера а, инстаграмера а агIонаш. Ресурсан администрацино блок тоьхна аьлла Кадыровс.

"Диверсин кибертIелатар" ду аьлла и зорбан министро Умаров Джамбулата а.

Мехкан куьйгалхочун аккаунт схьаеллалц, бойокт а кхайкхош, дIакъевлина шайн аккаунташ парламентан спикеро Даудов Мохьмада а, некъан полицин куьйгалхочо, Кадыровн йишин кIанта Черхигов Идриса а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG