Украинан хилла премьер-министр Яценюк Арсений Женеверчу аэропортехь лаьцна аьлла, хаамбо Фейсбукерчу шен агIон тIехь цуьнан пресс-секретара Лаппо Ольгас.
Оьрсийчоьнан талламхойн бехкаш мел абсурде белахь а, тIаьхье йолуш дац,- яздина Лаппос. – Шен жимахйолчу йоIаца Женеве веана Яценюк паспортан талламаш бечу хенахь сацийна Оьрсийчоьнан дехарца, Нохчийчуьрчу тIамехь цо дакъалаьцна бохуш, бехкеварца.
ТIаьхьо дIахецна хилла Яценюк, юха а проблемаш хила магар а хаийтина
Оьрсийчоьнан Талламан Комитетан куьйгалхочо Бастрыкин Александра дIахьедар динера, Украинан премьер-министр Яценюк Арсений Нохчийчохь 1-чу тIамехь дакъалаьцна хиларан шайгахь тоъал тоьшаллаш ду, аьлла.
Цо чIагIдарехь, Яценюка дакъалаьцна 1994-чу шарахь ГIура-беттан 31-чу дийнахь Соьлж-ГIаларчу Минутка олучу меттигехь, 1995-чу шеран Чиллан-баттахь гIалин 9-чу Дарбанан цIийнан гонах дIадаьхьначу тIематасадаларшкахь а.
Иштта Нохчийчуьрчу Октябрский кIоштехь оьрсийн йийсаре лецначу нахана тоьпаш тухуш, царна тIехь ницкъ барца а, билгалваьлла Яценюк Арсений, бохуш дийцира Бастрыкин Александара.
2016-чу шарахь Оьрсийчоьно лехамашка велла иза.