ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь теракташ кечйеш бу тIемалой, боху Кадыровс


Кадыров Рамзан.
Кадыров Рамзан.

Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана дIахьедар дина, Нохчийчохь теракташ ян кечбелла тIемалой бу аьлла, хаам бо news.vse42.ru сайто. Цо дийцарехь, террорхой Гуьржийчу кхаьчна, амма Iедалш кийча ду уьш далаца.

Кадыровс чIагIдарехь, ницкъаллин структураша шайн Iуналлех латтош ду дерриг а, цара йойтур яц теракташ.

Нагахь уьш дIакхачахь (Нохчийчу), цара баккъалла а зулам дийр ду, теракт йийр ю. Цундела шайна хьалхе дуьйна хаа деза уьш мичахь бу а, хIун деш бу а, бохуш дийцина Кадыров Рамзана.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG