ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчоьнан хIорда бухула лелачу флото жигаралла гайтарна саготта ю НАТО


Оьрсийчоьнан хIорда бухула лела атоман кема "Дмитрий Донской". Тов.21, 2017
Оьрсийчоьнан хIорда бухула лела атоман кема "Дмитрий Донской". Тов.21, 2017

НАТО-н куьйгалхоша шаьш саготта хилар хаийтина, хIорда бухула лелачу Оьрсийчоьнан флото, "шийла тIом" дIабирзинчул тIаьхьа ца хиллачу кепара, Атлантикехь а, Лаьттаюккъерчу хIорда чохь а жигаралла гойтуш хиларна.

НАТО-н инарлин секретаро Столтенберг Йенса кIирандийнахь немцойн жрналистана хаам бина, 2014-чу шарахь дуьйна Оьрсийчоьнан тIеман хIордан ницкъаш хаъала чIагIбина, хIорда бухула лела 13 керла кема а дина.

Шен агIор НАТО-н тIеман хIорда бухула лелачу ницкъийн буьйранчо вице-адмирало Леннон Эндрюс, Iамеркерчу The Hill зорбанан гIирсана интервью луш, хаам бина, "Оьрсийчоьнан хIорда бухула лелачу кеманаша тIаьхьарчу 10 шарахь хиллачул а алсамдаьккхина хIордашкахула дIасалелар. Адмирало Леннона дийцарехь, уьш хIинца дукха улле догIу Цхьаьнатоьхначу Штатийн бердашна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG