ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Украинахоша лакъийна 41 шарахь болх бина Оьрсийчоьнан "жужжалка"


Нахалахь "жужжалка" (зуз дон) олу, "УВБ-76" радиостанци лекъна ГIура-беттан 24-чу сарахь. Цунах лаьцна хаам бина ВКонтакте-рчу цу радионна хьажийначу агIонане язбеллачу радиоезархоша. "УВБ-76" тулгIенашна тIехь царна ца хезна и станци болх беш хилар билгало йолу сигнал.

КIирандийнахь, Москох хенаца сарахь 9 сахьт долуш, цу радиостанцин тулгIенашна тIехь цхьаммо оьрсийн маттахь реп лакхийтина, цул тIаьхьа масийтта минот яьлча "Сий хуьлда Украинин" бохуш мохьбиттина, яздо TJournal-о.

Карарчу хенахь радиостанци лекъна ю, цхьа а луш сигнал а йоцуш.

Йоццу тулгIенийн "УВБ-76" радиостанци балх бан йолаеллера Советан пачхьалкхехь 1976-чу шарахь. Иза хIунда кхоьллина ю хууш дац. Сигнал Ленинградан кIоштарчу Поваровохь йолчу тIеман декъан кертара схьайолуш лоруш ду. Радион лестамаш долахь бу Оьрсийчоьнан тIеман министраллан.

Дукхах йолчу ханна "УВБ-76" радион "эфир" дIаюьзна ю шен ритм а, рагI а йолчу зуз дон новкъарлонийн гIовгIанах.

Делахь а, оьрсийн маттахь наггахь йохуш хьулу цу эфирехь цхьацца цIераш а, терахьаш а. Уьш цхьа а низам доцуш вовшахтоьхна элпаш хетало, амма иза код ю. ТIеххьара радиостанцино цу тайпа "къамел" дина ГIура-беттан 17-чу дийнахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG