ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Патриарх Кирилл: Донбассехь йийсаре лецна нах хийца барт бина шина агIоно


Патриарх Кирилл.
Патриарх Кирилл.

МаслаIатан цхьаьнакхетарехь дакъалаьцначу Оьрсийчуьрчу патриархо Кирилла хаам бина, Донбассехь йийсаре лецна нах хийца барт бина шина агIоно аьлла. Цунах лаьцна хаам бо ТАСС агенталло. Патриархо дийцарехь, хуьйцур болчу нехан цIейозана юкъа ца бахана берриг а йийсарехь болу нах.

Цу дийцаршкахь дакъалоцуш хиллачу ДНР олучу сепаратистийн тобанан хьалханчо Захарченко Александра хаам бина, йийсарехь болу нах хуьйцур бу шаьш ГIура-беттан 27-чу дийнахь аьлла.

Беларусерчу Минскехь 2015-чу шарахь Чиллан-беттан 12-чу дийнахь бинчу бертан цхьа дакъа ду массо а йийсаре лецна стаг хийцар. Делахь а, тIаьхьарчу 14 баттахь цхьа а стаг хийцина вац.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG