ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчоьнан президент хIотта дагахь ю Дагестанан муфтин хIусамнана


Оьрсийчоьнан президентан гIант. Архивера сурт.
Оьрсийчоьнан президентан гIант. Архивера сурт.

Оьрсийчуьрчу президентан харжамашкахь дакъалаца дагахь ю Дагестанан муфтин зуда Гамзатова Iайнаъ. Цунах лаьцна хаам бина "Кавказ.Реалиино".

Цу портало дийцарехь, Гамзатован векло Гиравов Шаха хаам бина, Оьрсийчоьнан коьртачу харжамийн комиссе цуьнан цIарах кехат дIаделла шаьш аьлла.

Гиравовс дийцарехь, ГIура-беттан 30-чу дийнахь ХIинжа-гIалахь харжамхойн гулам хир бу, Гамзатована гIортор еш.

Гамзатова (ПIетIмат) Iайнаъ хIусамнана ю меттигерчу муфтин Абдуллаев Ахьмад-Хьаьжин. Цо Iуналла деш ду республикера динца доьзна зорбанан сурсаташ.

Гамзатова йина 1971-чу шарахь. Цо дешна Дагестанерчу пачхьалкхан университетехь журналистикан факультетехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG