ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ПIаьнгазахь леррина операци дIаяьхьна гуьржийн кхерамазаллин сервисо


ПIаьнгаза. Архивера сурт.
ПIаьнгаза. Архивера сурт.

ПIаьнгазахь Iуьллучу Дуиси а, Омало а ярташкахь леррина операци дIаяьхьна Губржийчоьнан пачхьалкхан кхерамазаллин сервисо. ДIалаьцна меттигера 3 вахархо. Цунах лаьцна хаам бина гуьржийн телеканалаша.

Цара дийцарехь, леррина операци хилла тахана, ГIура-беттан 26-чу дийнахь, сатоссуш. Иза дIахьош дакъалаьцна ницкъаш хIинцале а дIабахана цу чIожера.

"Новости-Грузия" хьастано дийцарехь, Дуисехь а, Омалохь а хIусамашкахь таллам бина эскархоша. Омалохь цхьаьна вахархочуьнан цIа чохь карийна герз. Болчу хаамашца, хIусамда лаьцна дIавигина, дукха хан йоцуш Тбилисехь вийначу Чатаев Ахьмадан тобанна накъосталла дина аьлла, бехк а кховдийна. Дуисехь лаьцна ши стаг.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG