ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIирмерчу гIезалойн хIусамашкахь цIийнах хоьжуш бу полисхой


 ГIирмера полици. Архивера сурт.
ГIирмера полици. Архивера сурт.

ГIирмерчу гIезалойн хIусамашкахь цIийнах хьоьжуш бу ницкъаллин структурийн белхахой. Цара дийцарехь, талламаш боьзна бу Алуштара газан биргIа эккхийтарца.

Иза иштта делахь а, таллам беш бу школехь психолог болх бечу Мисиратова Асенен а, цуьнан марненан а хIусамашкахь.

Алуштахь газан биргIана уллехь эккхийтар динера Лахьан-беттан 1-чу дийнахь. Цхьана ханна газ а йоцуш виснера 1500 гергга стаг. Цул сов, галбаьккхинера лаккхара ницкъ болчу тоькан ши богIум. ФСБ-но дIакхайкхийна, иза диверси яра аьлла.

Оьрсийчоьно аннекси йиначу ГIирмехь сих-сиха цIийнах а хьожу гIезалойн хIусамашкахь, уьш лецна дIа а буьгу. Бакъонашларъярхоша дIахьедарш до, Iедалш деш дерг политикан бух болуш лелош ду бохуш.

ГIирмера гIезалой дуьхьал бара ГIирма Оьрсийчоьнах дIатохарна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG