ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Полисхойх летта нохчийн кегийрхой Венехь


Полицино бинчу хаамца, нохчийн къомах волу пхи жима стаг, кафехь хIума кхоллуш болчу нахаца дов а даьккхина, царех летта. ТIелатархойх цхьаммо урс даьккхина а хилла.

Тешаша кхайкхина полисхой схьакхаьчча, царах а летта 18 шарера 21 шаре кхаччалца хенаш йолу кегийрхой. Цхьа полисхо лоьрийн цIийне кхачийна.

Зуламхой лецна. Маршо Радио-н корреспонденте Венерчу полицин прессица болх баран декъехь бинчу хаамца, Iедалхошна дуьхьало ярна а, полисхойх латарна а бехктакхаман гIуллакхаш схьадиллина царна дуьхьал.

XS
SM
MD
LG