Оьрсийчоьнан Федерацин кхеташонан декъашхочо Сабсаби Зияда хаам бина, БагIдадерчу цхьана набахтехь Оьрсийчуьра ши йоI карийна шайна аьлла. И шиъ "Исламан пачхьалкхо" Iуналла дечу территори тIе дIайигина хилла церан дай-наноша. Цунах лаьцна хаам бина «РИА Новости» агенталло.
Сабсабис дийцарехь, ХIинжа-гIалара а, Тюменера а ши йоI латтош хилла зударийн набахтехь. Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан юкъагIортар бахьана долуш аьтто баьлла кхеле и шиъ цIаерзо оьшуш болу сацам байта. Дийцарехь, цу шинан дай-наной кхелхина.
Кхаарин дийнахь 4 шо долу Сумайа а, 3 шо долу Кевсар а кеманца дIакхачор йолуш ю Москох. Цигахь и шиъ дIалур ю шайн гергарчу нахе.
Закаев ву нохчийн 1едал, и д1авуьг1аш берш оьрси 1едал ду
"Байден" вац Биден {Biden} ву!
quordavina i shu zhughurg, qhin diica humma ca kara do shun?