ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIалгIайчуьрчу вахархочунна тIехь къизаллаш лелийна плисхоша


Архивера сурт.
Архивера сурт.

ГIалгIайчуьрчу вахархочо Угурчиев Руслана латкъам бина, ГIалгIайчуьрчу чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан экстремизмаца къийсам латточу декъехь къиза хьийзийна ша аьлла. Цо дийцарехь, цунна дуьхьал бехктакхаман гIуллакх долийна полисхоша, бакъо а йоцуш, герз лелийна аьлла. Цунах лаьцна шинарин дийнахь хаам бина "Мемориал" центро.

37-шо долчу Угурчиевс гIо дехна "Мемориале" ши кIира гергга хьалха. Цо дийцарехь, Чиллан-баттахь Несарахь герзхоша цуьнан хIусаме кхоьссина тапча. ЦIийнах хьаьжча царна иза кара а йина. 10 дийнахь талламан изоляторна чохь алаттийна, дIасавера вац аьлла кехат а даьккхина, аравалийтина Угурчиев.

ХIинца иза кхоьруш ву, ша бехк а боцуш чуволларна, билгалдоккху "Мемориало".

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG