ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ПIаьнгазахь хиллачу операцин жамI дина Гуьржийчоьнан кхерамазаллан сервисо


Панкиси. Архивера сурт.
Панкиси. Архивера сурт.

ПIаьнгазахь ГIура-беттан 26-чохь дIаяьхьначу лерринчу операцин жамIаш довзийтина Гуьржийчоьнан пачхьалкхан кхерамазаллин сервисо. Цуьнан векалша дийцарехь, Чатаев Ахьмадана гIо дина аьлла бехке а вина, дIалаьцна 5 стаг. Уьш бу цу чIожера бахархой Горнакашвили Зураб, Алдамов Руслан, Маргошвили Рамаз, Чопанашвили Бадур, Мачаликашвили Темирлан (чевнаш хилла ву).

Гуьржийчоьнан ницкъаллин структурийн векалша чIагIдарехь, цу наха гIо дина Чатаевна, Марадиди эвлана гергахь долу доза а хадийна, Туркойчьура Гуьржийчу кхача а, Тбилисехь чохь ваха петар лаца а.

Гуьржийчоьнан пачхьалкхан кхерамазаллин сервисан зорбанан сервисо дийцарехь, таллам дIабаьхьна хилла гуьржаша Iамеркерчу къайлахчу сервисийн белхахоша накъосталла а деш.

Цо иштта хаам бина, Лахьан-беттан 22-чохь Тбилисехь Чатаевца цхьаьна кхелхина шиъ вара Нохчийчуьра Адашев ИбраьхIим а, Солтахматов Асланбек а, ткъа лаьцнарг ву Борзиев Шуаи, аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG