ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Харжамийн комиссе кехаташ дIаделла Путина


Архивера сурт.
Архивера сурт.

2018-чу шарахь президентан харжамашкахь дакъалаца дагахь Оьрсийчоьнан коьртачу харжамийн комиссе кехаташ чуделла президенто Путин Владимира. Цунах лаьцна хаам бина Оьрсийчоьнан хаамийн агенталлаша.

ЦИК-ан белхахоша протоколана тIе куьйгаш таIийна, документаш схьаоьцуш, хаам бина ТАСС агенталло.

Официалан кепара Путин хьалхататтар хилира де хьалха Москох ВДНХ-ан павильонехь. Iедалхой боцурш, цу форумехь дакъалоцуш бара културан а, спортан а, шоу-бизнесан а векалш. Ша Путин цу гуламехь вацара.

Путинан 65 шо ду. Иза куьйгалла деш ву Оьрсийчоьнна 1999-чу шарахь дуьйна. 13 шо даьккхина Путина президентан даржехь. Кхин а 4 шарахь иза хилла Оьрсийчоьнан премьер-министр.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG