ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчоьнан бахархой ца хийцаран бахьана дийцина Порошенкос


Украина -- Донецкан кIоштахь Горловка гIалана гергахь йолу "Майорск" чекхволуьйту пункт. ГIур.28.2017.
Украина -- Донецкан кIоштахь Горловка гIалана гергахь йолу "Майорск" чекхволуьйту пункт. ГIур.28.2017.

Украинин президенто Порошенко Петрос дIахьедар дина, Киево леррина дIа ца белла Украинехь лецна оьрсийчоьнхой, Донбассерчу сепаратисташца йийсархой хуьйцуш аьлла. Уьш дIахоьцур бац, Оьрсийчохь чубоьхкина украинхой дIахеццалц, билгалдаьккхина Порошенкос, хаам бо "Strana.UA".

Кхаарин дийнахь Донецкан кIоштахь Горловка гIалана гергахь йолчу "Майорск" чекхволуьйтучу пунктехь украинхойн эскархоша а, ДНР а, ЛНР а олучу тобанашкара Оьрсийчоьнехьа болчу сепаратисташа а хийцина йийсархой.

Сепаратисташа 74 йийсархо дIахоьцург Киево дIавелла 238 стаг. Хийциначу украинхошна юкъахь бу эскархой а, маьрша бахархой а.

Украинин Iедалша чIагIдарехь, сепаратисташ лаьцна латтош ву кхин а 144 Украинин махкахо. Донбассехь тIеман конфликт йолаелчхьана йийсарера маьршаваьккхина 3 эзар сов украинхо, 400 гергга стаг вайна лоруш ву.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG