ГIалгIайчуьра бахархой беха юккъерчу барамехь 80,8 шарахь. Иза уггаре лакхара гайтам бу Оьрсийчуьрчу субъекташна юкъахь, яздо REGNUM агенталло, гIалгIайн могушаллан министрана Арапханова Марема бохучунна тIе а тевжаш.
Бахархойн терахь тIекхетарца доьзна хьал а дика ду, боху министро ГIалгIайчохь. Цо дийцарехь, хIора шарахь меттигерчу бахархойн терахь алсамдолу 7-8 эзар вахархочунна.