Нохчийчуьра ши вахархо хилла харц ахча лелийнарг. Цу шинах цхьаммо вуькхуьнга дохка делла хилла 5 эзар соьмах тардина долу 33 кехат. Царах цхьа дакъа Астраханехь дохка аьтто баьлла цуьнан.
Дисна харц ахча Соьлж-ГIалахь дохка дагахь хилла и шиъ. Амма иза дан кхиале ши стаг лаьцна полицин белхахоша.
Карарчу хенахь цу шинна духьал долийна хилла бехктакхаман гIуллакх, теллина а даьлла, дIаделла Соьлж-ГIаларчу Заводан кIоштарчу кхеле.
Оьрсийчуьрчу низамашца а догIуш, харц ахча дарна а, лелорна а билгаляьккхинарг ю 8 шо хан, уггаре а лакхара таIзар дахь.
Кхучохь муъна нохчийн мотт бийци вай, оьрси дешнаш ца лелош?
Макфол Майкл <= Hara nohchiyn qoman mostagh wu shuna. Twitter chox Nohchichox thom niysa bina bohush war hara...