ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

22 эзар вахархо махкахвала бакъо йоцуш ву Нохчийчохь


Архивера сурт.
Архивера сурт.

22 эзар сов Нохчийчуьра бахархой бу Оьрсийчоьнан территори тIера арабовла бакъо йоцуш. Цуьнан бахьана ду цу наха коммуналан хьаштех ахча а, кредиташ а, цхьацца декхарш а, гIуданаш а дIадала дезаш хилар.

Цуьнах лаьцна хаам бина Федералан пурстоьпийн сервисан Нохчийчуьрчу урхаллан зорбанан сервисо.

Махкахвала дихкина хиларх лаьцна вахархочо хатта деза ша вехачу меттехь болчу пурстоьпашка. Декхар ду-дац хьажа иштта аьтто бу иштта Федералан пурстоьпийн сервисан Нохчийчуьрчу урхаллан сайта тIехь а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG