ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыровн Facebook-ера агIо дIалаьцна турагенталло


Архивера сурт.
Архивера сурт.

Кадыров Рамзанан Facebook-ехь хилла агIо дIалаьцна дIоггара баш евзаш йоцучу Уралерчу туризман агенталло. Иза нисделла адрес маьрша даьллачул тIаьхьа – Кадыровн аккаунт а, цу тIехь хилла йоза а кхин йолу информаци а дIаяйина, хаам бо vesti.ru сайто.

Карарчу хенахь Кадыровн социалан машанашкахь йолу агIонаш ишттачу хьолехь ю: Facebook-о дIадаьхна дерриг а сурташ а, йозанаш а. Цигахь реклама а ю, "RKAdyrov" аьлла жимачу элпашца йоза а ду. Instagram-ехь изза хьал ду, цигахь яздина ду «агIо еллалуш яц». Экран яьсса ю, хаам бо vesti.ru-но.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG