ТIекхочийла долу линкаш

Кадыровс бехкейина Iамерка шен язбалархойн бакъонаш талхорна


Кадыров Рамзан а, Висмурадов Абузайд а (инстаграм)

Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана бехке йина Цхьаьнатоьхна Штаташ, шен социалан машанашкахь йолчу агIонашка язбеллачу нехан бакъонаш талхорна, яздо Кавказ.Реалиино.

Кадыровс дийцарехь, Facebook-хь а, Instagram-хь цуьнан виъ-виъ миллион язвалархо (subscriber) а вара, цу гайтамца иза Iамеркехь 3-гIа меттиг дIалоцуш а вара.

Амма Оьрсийчоьнан агенталлаш дийцарехь, кхушеран Чиллан-баттахь бинчу талламца оьрсийчоьнхойн «седарчашна» юкъахь Кадыровс дIалоцуш яра оьзда 37-гIа меттиг.

Ткъа Iамерка хьахийча, хьалхара 10-нна юкъахь 10-гIа меттиг дIалоцуш ву 92 миллион язвалархо волу Бибер Джастин. Iамеркехь 4 миллион язвалархо верг 100-на юкъа а ца кхочу.

Социалан машанашкахь жигаралла гойтучу нахах бӀолгӀачуьнан ву 18 миллион язвалархо. Хьалхара меттиг йоккхучуьнан 230 миллион сабскрайбер (язвалархо) а волуш.

XS
SM
MD
LG