Доьзалхо дуьненчу ваьлча, я бер доьзале далийча хIора баттахь ахча даларх лаьцначу низамна тIе куьг таIийна Путин Владимира. Цу документаца а догIуш, бер динчу я далийначу доьзална ахча лур ду ахча цхьа шо ялх бутт заманчохь.
Цул сов, цхьана шарахь эха шарахь хIора баттахь ахча лур ду шолгIа бер диначу я далийначу доьзалшна а. Цу хьашташна хьажор ю ненан капиталан фонд.
Путина тIечIагIдина низам болх бан долалур ду 2018-чу шеран Дечкен-беттан 1-чу дийнахь дуьйна.