ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчоьнан С-400 ракетийн комплексаш оьцуш ю туркоша


С-400.

Оьрсийчоьно а, Туркойчоьно а барт бина Оьрсийчоьнан С-400 ракетийн коплексашца боьзна мах барца боьзна. Цу контрактан барам бу 2,5 миллиард доллар. Цу ахчанах ах сов Москохо Анкарана лур ду юхалург.

Комплексаш дIакхачор йолуш ю Туркойчу 2020-чу шеран Зазадоккху-баттахь. НАТО юкъаозийна а йоцуш, туркоша йина йолу уггаре а йоккха контракт ю иза.

Оьрсийчоь а, Туркойчоь а и мах беш бертаяхаро синтем байина НАТО-на юкъахь. Туркойчоь декъашхо ю Къилбаседа Аталантикан тIеман альянсан. Пентагоно билгалдаьккхина Оьрсийчоьно С-400 йогIуш яц НАТО-н кепашца аьлла.

Шен агIор Туркойчоьнан президенто ЭрдогIан Реджепа жоп делла, къоман кхерамазалла ларъян оьшуш долу герз эца бакъо ю шайн аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG