ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Герзхоша лачкъийна хилла 7 стаг дIахецна Нохчийчохь


Соьлж-ГIала. Архивера сурт.
Соьлж-ГIала. Архивера сурт.

Кхушеран лахьан-баттахь герзхоша лачкъийна хилла Соьлж-ГIалара 7 стаг къйлахчу набахтера дIахецна бутт гергга хан яьлча, хаам бина "Мемориал" центро.

И нах тIеман баркзакъ доьхна хиллачу наха дIабигнера Дикаев Зелимхан цIе йолчу стеган хIусамера, яздо "Кавказский узело". Мемориало дийцарехь, Дикаев а вара лачкъийначу нахана юкъахь.

Ткъа хIинца хиъна и 7 стаг ГIура-беттан 18-чохь дIахецна хилар, хаам бина "Мемориало". Уьш латтош хилла къайлахчу набахтехь, боху бакъонашларъярхоша.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG