ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыровна къола дина Москох


Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнан Кадыров Рамзанан гIоьнчо Кадыров Хьасайна Москох гIо дехна низамаш лардечу органашка, шена къола дина аьлла, яздо «Московский комсомолец» газето.

Кадыровс яздинчу дIахаийтарца, ГIура-беттан 26-чу дийнахь сарахь 10 даьллачул тIаьхьа Москох Ленинградан проспектехь цуьнан Mercedes машен чуьра лачкъийна ахча а, iPhone 6 а, iPad а чохь йолу тоьрмиг. Зе дина хилла Кадыровна 600 эзар соьмана.

Цхьа де а далале къоладинарг лаьцна полицино. Иза ву 51 шо долу болх боцуш лелаш волу Тула кIоштара вахархо. Цунна дуьхьал схьадиллина бехктакхаман гIуллакх.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG