ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Даудовс дов дина Шелахь нехан хIусамаш йохош видео яьккхинчарна


Нохчийчуьрчу Iедалхоша, телевионехула а гойтуш, дов дина Шелахь цIенош дохош гойтуш видео яьккхинчу нахана.
Нохчийчуьрчу Iедалхоша, телевионехула а гойтуш, дов дина Шелахь цIенош дохош гойтуш видео яьккхинчу нахана.

Нохчийчуьрчу Iедалхоша, телевионехула а гойтуш, дов дина Шелахь цIенош дохош гойтуш видео яьккхинчу нахана. Цу гIалахь Кадыровн цIарахчу маьждиге а, "Шали-сити" лекхачу цIенойн комплексе некъ буьллуш йохош дIайохуш ю нехан хIусамаш.

Парламентан куьйгалхочо Даудов Мохьмада гулбинера шелахой цхьана хIусамехь. Видеон авторш дIахIиттийнера сцени тIе, шайна дохкучу бехкашка цаьрга, массерна а гойтуш, ладогIийта. Сюжет гайтина ЧГТРК "Грозный" канало.

Лецнарш бехке бина Даудовс Ичкерица зIенаш латторна. Цо чIагIдора, цу наха и видеоролик Страсбурге яхьийтина Ичкерин Iедалехь зIенан министр хиллачу Ибрагимов Сайд-Эмига, бохуш. Даудовс дийцарехь, цара иза дина ахча бахьана долуш, хаам бо Кавказ.Реалии сайто.

Шеларчу шина урамера цIенош дохош хиларх а, Iаьнан Iуьйранна чуьра арабохуш нах хиларх а лаьцна зорбанан гIирсаша дийцира кIира хьалха. Керлачу шарна "Шали-сити" комплекс йина ялийта тIетаьIна хиллачух тера дара Iедалхой.

Болчу хаамца, шайн хIусамашкара арабаьхначу нахана эвлан йистехь латтанаш делла цIенош дан. Бахархой реза бац, амма шайна хетарг дIаала хIуьттуш бац уьш Iедалх.

Соьлж-ГIаларчу телевизионо чIагIдарехь, шелахой "цхьана ханна дIатарбелла шайн гергачу нахера мехах лаьцначу петаршкахь".

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG