ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыров дагахь вац Facebook-е юхаверза


Оьрсийчоьнан Федералан кхеташонан куьйгалхочуьнан Матвиенко Валентиница шен сурт доккхуш ву Кадыров Рамзан. Архивера сурт.
Оьрсийчоьнан Федералан кхеташонан куьйгалхочуьнан Матвиенко Валентиница шен сурт доккхуш ву Кадыров Рамзан. Архивера сурт.

Facebook-о агIо дIакъевлинчу Кадыров Рамзана тIечIагIдина, шен хилла адрес дIалаьцнарг "Креол Тревел" олу туризман компани хилла хилар.

Шен Telegram-рчу аккаунтехь Кадыровс хаам бина, шен векалша цу компаница дийцарш дIадаьхьна хиларх лаьцна а, цуьнан куьйгалхой цу агIона тIера дIабовла реза хилла хиларх лаьцна а.

Кадыровс чIагIдарехь, Facebook-хь цуьнан хиллачу аккаунтана доладеш ву цуьнан векал. Амма ша цуьнах пайда эца дагахь вац боху Нохчийчоьнан куьйгалхочо.

Цуьнан бахьанашна юкъахь ду боху Кадыровс, шена цхьаьнга рогIера клон яйта, рекламан Iалашонашца пайда эцийта я питанаш даржадайта ца лаар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG