ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыров: Шемара тIеман хьалханча ву йийсаре ван лууш


Кадыров Рамзан.

Шемахь тIом беш волу тIемалойн хьалханча йийсаре ван лууш ву, хаам бина Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. Цо шайца зIене ваьлла боху дош лелаш волу а, шен "куьйгакIеллахь бIеннаш эзарнаш" тIемалой болу а и стаг, хаам бо kp.ru сайто.

"Иза ши-кхо кIира хьалха зIене велира, караван лууш вара иза. Хаьттира цуьнга: "Мичахь ю хьан "шайка""? Цо элира, хIаллакбина", - балийна шайн хиллачу къамелан чулацам Кадыровс РИА Новости агенталле.

Цо чIагIдарехь, Шемахь баш бисина а бац Оьрсийчуьра схьабевлла нах тIемалошна юкъахь.

ДIадаханчу кIиранах тIеман министро Шойгу Сергейс хаам бира Шемахь тIеман операци дIахьош 60 эзар 300 "терррорхо" вийна шаьш, царах 2 эзар 800 Оьрсийчуьра нах бара аьлла.

XS
SM
MD
LG