Оьрсийчоьнан финансийн министралло федералан министрийн 2016-чу шарахь хиллачу алапех лаьцна хаам дIабаьккхина шен сайта тIера. Цунах лаьцна хаам бина РБК портало.
Хьалхо цу министралло зорбане хаамаш баьхнера, шайна юкъахь цкъа далийна доцу федералан Iедалхойн алапаш а долуш. Цу хаамашца а догIуш, Iедалан белхахошна юкъахь стохка уггаре лакхара алапа оьцуш хилла финансийн министр Силуанов Антон – 1 миллион 730 эзар сом баттахь.
Экономикан кхиаран министран беттан алапа хилла 2016-чу шарахь 1 миллион 270 эзар сом. Стохка Лахьан-баттахь дуьйна цу даржехь вара Улюкаев Алексейн метта хIоьттина волу Орешкин Максим.
Энергетикан министран Новак Александран цхьана беттан алапа 2016-чу шарахь хилла 1 миллион 160 эзар сом.
Финансийн министралло балийначу хаамашна юкъахь ддуьйцуш дацара ницкъаллин структурийн куьйгалхойн а, Оьрсийчоьнан президентан а алапех лаьцна.
И берриг а хаамаш лар йоцуш байна Минфинан сайта тIера, цхьа а дуьйцуш бахьана а доцуш, хаам бо РБК-но.
"Байден" вац Биден {Biden} ву!
quordavina i shu zhughurg, qhin diica humma ca kara do shun?
Дал этто бойла вайн массарнаъ
Тумсо борз араяьлла хьуьнчохь, ларлолаш чаг1алкхаш!