ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шемарчу нохчийн эскархошна Керлачу шеран совгIаташ декъна


Шемахь тIеман дакъошкахь болчу нохчашна Керлачу шеран совгIаташ кхачийна Кадыров Ахьмадан цIарахчу фондо. Юкъараллан, экономикан кхерамзаллан секретара Усмаев Вахьида а, мехкан куьйгалхочун гIовса Мартынов Даниила а, Кадыров Рамзанан хьехамчас Шахидов Адама а дIакхачийна и совгIаташ.

Оьрсийчоьнан тIеман полицин дакъоша куп тоьхначу Шеман гIаланашкахь а, кIошташкахь а хилира Нохчийчуьра кхаьчна "десант".

Mylistory пена тIехь Нохчийчоьнан урхалхочо Кадыров Рамзана хаамбинера, керлачу шеран совгIаташ доцург а, махкарчу дешархоша эскархошка яздина кехаташ а дIасадекъна, аьлла.

Даймахкана генахь бакъонца, нийсонца шайн декхарш кхочушдечу бIаьхойн дог ира-карахIотторца яздина ду и кехаташ, дуьйцу Кадыровс.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG