ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къайлах мессенджерш лелор дихкина Оьрсийчоьнан низамашца


Оршотдийнахь дуьйна болх бан долало анонимехь мессенджерех пайдаэцар доьхкуш юкъадаьккхина низам, карладоккху ТАСС агенталло.

Керлачу шеран хьалхарчу дийнахь дуьйнна социалан машане язлучу хенахь шайн телефонан лоьмар билгалъяккха деза Оьрсийчоьнан бахархойн. Ткъа телефончуьра сим-карта паспорт тIерачу цIарца эцна хила дезаш ду.

Оцо таро хуьлуьйту, полисхошна луучу хенахь бахархойх муьлхха а информаци маьршша схьаэца.

Керла низам хьаьшначунна гIуда тохар хьоьху 5 эзар соьме гергга. Нагахь гIуда хьарчинарг долахо велахь, цхьа миллион сом кхачадо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG