ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ООН-ан кхерамзаллан Кхеташонан куьйгалле хIоттийна Казахстан


Оршотдийнахь дуьххьара ООН-ан кхерамзаллан Кхеташонан (Совбез) куьйгалле хIоттийна Казахстан. Оцу статусехь Астанан декхарш хир ду Юккъерчу Азин интересаш хьалхаяхар, терроризмна дуьхьало латтор, зарратан герз ца оьккхуьйтуш машар латтор, глобалан конфликташ а, тIемаш берзор. Казахстанан арахьарчу гIуллакхийн министраллан сайт тIехm бина и хаам.

Астанан инициативаца ООН-ан Кхерамзаллан Кхеташонан официалехь дуьххьара церемони хир ю 2019-гIа шо дерззалц къастийначу Кхеташонан декъашхойн-пачхьалкхийн байракхаш хIиттош. Ю оцу пачхьалкхашлахь Кот-д'Ивуар, Кувейт, Нидерландаш, Перу, Полша а, Экваториалан Гвиней а.

ООН-ан Кхеташонна чуйогIучу цхьана ханна билгалъяьхначу 8 пачхьалкхалахь ю Казахстан а. Цуьнан хан чекхйолуш ю карара шо довш.

Кхеташонан урхаллехь хир ю Астана дийнна шарахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG