ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ТехIеранан полицино лоьцур бац исламан дресс-кодехь ца лела зударий


Исламан дресс-кодехь ца лела зударий кхи дIа йолчу хенахь лоьцур бац шаьш аьлла, дIахьедина ТехIеранан полицин куьйгалхочо. Associated Press агенталло бина и хаам, гIажаройн зорбанашна тIе а тевжаш.

"Полицин куьйгало бинчу сацамца, хила ма деззачу исламан духаршца ца леларш кхи лоьцур бац", аьлла инарлан Рахьими Хьусейнан дешнаш даладо ингалсан маттерчу Tehran Times-о. Инарлас дийцарехь, полицино вовшахтоьхначу леринчу урокашка хьийсор бу уьш.

Associated Press агенталло бахарехь, дукхазза низам ца лардинарш жоьпалле ийзор бу.

The Wall Street Journal-о яздарца, Рахьиман дIахьедарехь дуьйцург духар хилла ца Iа, "исламан мехаллаш" а ю.

Газетано билгалдаккхарехь, дахначу кIиранах исламан мехаллаш ца ларйина аьлла, ТехIеранехь лецнера 200 стаг, хелхарш дарна а, къаьркъанаш меларна а бехкебина.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG