ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шен харжамийн фондан бюджетехь мел ахча вовшахкхетта хаийтина Оьрсийчоьнан президентан харжамийн кандидато Собчак Ксенияс. Цо бахарехь, 35 миллион сом гулдан аьтто хилла цуьнан. "Настоящее время" телеканале бина журналисто и хаам.

Иттанашкахь гоьбевллачу бизнесменашкара кхаьчна шена ахча боху Собчака, амма церан цIераш ца яьхна.

Харжамаш дIабевллачул тIаьхьа, шен Iалашонех дуьйцуш, парти кхуллур ю ша аьлла, Собчака. Кандидатийн таро хир ю боху цо парламентан а, регионан а харжамашкахь оцу партин цIарах дакъалаца.

Керлачу шеран буса Собчак Ксенияс зезагаш дехкира политик Немцов Борис вийначу меттигехь. Оппозиционерна хIоттийначу хIолламна ха дечу волонтерашца къамел а дира.

XS
SM
MD
LG