ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Бангладешехь Кадыровн цIарах школа схьайиллина


Бангладешехь Мьянмерчу мухIажирийн куьпахь Кадыров Ахьмадан цIарах школа схьайиллина. Mylistory социалан машанехь Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана бина и хаам. Мьянмайца йозучу территори тIехь лаьтташ ю школа.

Кадыровс бахарехь, карарчу хенахь 348 бер деша доладелла оцу керлачу доьшийлехь, амма тIейогIучу хенахь эзаре лакхадер ду и терахь. Юьхьанца язъян а, еша а Iамор бу цигахь, дешархойх доккхачу декъан аьтто ца хилла школе эха.

"Иштта мехалчу гIуллакхна ахча даларна ас даггара баркалла боху сайн нанна Кадырова Айманина а, организацин белхаш бинчу сайн хьомечу вешина Сабсаби Зиядна а", - яздина Кадыровс.

ООН-ан тIаьххьарчу информацица, Мьянман штатехь Ракхайхь бехачу бусулбанашана тIаьххьара ницкъбар Iорадаьллачул тIаьхьа, 650 эзаре кхиина Бангладешехь тховкIело карийначу мухIажирийн терахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG