Керлачу шарахь Твиттерехь дуьххьара динчу йозанехь Iамеркан президенто Трамп Доналда цкъа мацах уггар гергара хилла Пакистан бехкейина шайна "харцдерг" дийцарна.
"ТIаьххьарчу 15 шерачохь тхоьгара 33 миллиард долларшкахь ахча кхаьчна цаьрга, ткъа тхуна цаьргара хилла пайда бац, ша цара буьтту аьшпаш боцург. Тхан куьйгалхой Iовдал хета царна", яздина Трампа.
Исламабад бехкейо Iамеркан президенто, ОвхIанистанехь Iамерко тIом латточу исламхойн тIемалой хьулбарна. Цо чIагIо йина, цу кепара цхьана агIор оьзна юкъаметтигаш шаьш хедор ю аьлла.
Пакистанан тIеман министро Дастгир-Хан Хуррама жоп делла Iамеркана Твиттерерчу шен агIон тIехь. Шен пачхьалкх даим а "терроризмаца къийсам латторехь тешаме накъост хилла ю Iамеркана, церан буьйранчашна тIеман зIенаш латош, талламхойн къайлаха информаци луш", хIетте а иштта "баркалла" эли тхуна, цатешамца, сийсаздарца аьлла, яздина министро.
Пакистанан арахьарчу гIуллакхийн министро Асифа тIетоьхна, Iамеркера шайга мел кхаьчначу центах дала жоп ду шайн аьлла.
КIайчу цIийно оршотдийнахь хаамбинера, 2016-чу шарахь тIеман гIоьнна Пакистанна лур ду аьлла 255 миллион доллар шаьш лург цахиларх.
Шайн дозан тIехь Талибанна гергарчу "Хакканин маша" санначу тобанийн гIуллакх сацор тIедожийна Iамерко Пакистанна, ткъа Исламабада дIахьедо, шаьш иштта а шайн ницкъ мел кхочург деш хиларх.