ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Сталинан бюст хIоттийна Ростовн кIоштахь


Ростовн кIоштарчу Матвеевн Курган олучу эвлахь Керла шо тIекхочучу деношкахь Сталин Иосифан бюст хIоттийна, яздо "Обзоро". Оцу церемонехь дакъалаьцна пачхьалкхан Думан депутато Коломейцев Николайс а, инарла-лейтенанта, 2003-2006-чу а шерашкахь Нохчийчохь тIеман комендант лаьттинчу Фоменко Григорийс а.

Ростовн кIоштахь Сталинна хIоттийна и бюст дуьххьара яц.

Шо хьалха Сталин виначу дийнахь Куйбышево олучу эвлахь а юьйгIира цуьнан бюст. Ткъа 2014-чу шарахь Новочеркасскехь Сталинан дийнна хIоллам хIоттийра

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG