ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIажарийчохь цхьа полисхо вийна, кхоъ лазийна


ГIажарийчохь протесташкахь вийна цхьа полисхо, кхаанна чевнаш йина, хаамбо Reuters агенталло. Полицино бахарехь, протестхойх цхьаммо герз детта долийна таллархойн тоьпаца полисхошна тIе. Дуьххьара ду полисхошлахь вер-ваккхар нисдалар. Хьалхо хааме даьккхинера, демонстрантех 12 вийна аьлла.

Байначу беттан 28-чохь дуьйна къепе йохийна ГIажарийчохь. Юьхьанца оцу махкахь экономикан политикана резабоцуш йолийнера акцеш, цул тIаьхьа Iедална дуьхьал бевлира гуламхой.

Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн вице-президента Пенс Майкла Твиттерехь дIахьедо, президентан Трамп Доналдан администрацино тидам боцуш дуьтур дац "къизачу Iедална гIажарошо дуьхьало латтор". Iамерко гIо латтор ду протестхошна аьлла цо.

Израилан премьер-министро Нетаньяху Биньямина ша халкъехьа хилар дIахаийтина. ТIехIеранехь Iедал хийцахь толур ю аьлла цо Израилан а, гIажаройн а юкъаметтигаш.

Байначу беттан тIаьххьарчу дийнахь ГIажарийчохь блок тоьхна Инстаграм социалан машанна а, Телеграм мессенджерна а. Бахархойн кхерамзалла ларъярхьама а, пачхьалкхехь машар латторхьама а дина шаьш аьлла Iедало.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG