ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Карелехь 20 шо доккхур ду Немцов верна бехкевинчо


Оьрсийчоьнан оппозиционер Немцов Борис верна 20 шо хан кхайкхийна нохчийн "Север" батальонан хилла эскархо Дадаев Заур Петразаводскан лоьмар 9 йолчу колони хьажийна. "Столица" интернет-гIирсо бина и хаам. Официалан йоцчу информацица, карарчу хенахь Москохара Петарбухехула Петрозаводске кхачор ву Дадаев.

Кху аьхка Москохарчу тIеман кхело 20 шо хан туьйхира Дадаевна, иштта ваьккхира иза лейтенантан даржах а, Къонахаллин мидалх а. Немцов верна цуьнца декъехь хиллачарна 11 шарера 19 шаре кхаччалц хенаш кхайкхийра.

2015-чу шарахь Чиллан-беттан 27-чохь доккхачу Москворецкан тIай тIехь вийра политик Немцов Борис.

Талламчаша чIагIдарца, цхьамма 15 миллион мах лур бу а аьлла, вен кхайкхийнера Немцов. Оцу зуламна тIехьа лаьттарг "Север" батальонан хилла машенлелорхо Мухудинов Руслан ву аьллера. Ткъа политикан гергарчарна оццу батальонан хилла эпсар Геремеев Руслан ву аьлла хета Немцов Борис вейтарна бехке.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG