ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIажарошна тIехь ницкъ цабар доьху Евроберто


ГIажаройн дешан маьршо лара а ларий, иккхинчу конфликтехь халкъанна тIехь гIело а ца яр тIедожийна Евроберто пачхьалкхан Iедалшна. Европан бертан арахьарчу политикехула йолчу лакхарчу векало Могерини Федерикас дина и дIахьедар.

ГIажарийчохь халкъана тIеIаткъамбар даздаларна Вашингтоно ООН-ан кхерамзаллан Кхеташонан сихонца цхьанакхетар вовшахтоха аьлла. Iамеркан ООН-ерчу векална Хейли Никкина хетарехь, протесташкахь нах баларх шена хетарг ала деза Женеверчу адамийн бакъонашкахула йолчу Кхеташоно а.

ООН-ан брифингехь шинарийдийнахь йистхуьлуш Никкис хастийра гIажарой цаьргахь майралла, доьналла хиларца. Йоллу пачхьалкхехь яьржина демонстрацеш арахьара провокаци а йина яьржина яц, ша-шаха хилла болам бу, аьллера цо. Хьалхо ГIажарийчоьнан аятоллас Хаменеи Iелас протестех дуьйцуш, шайн пачхьалкхан мостагIий цхьанакхетта Iедална зен дархьама бехира.

Байначу беттан 28-чу дийнахь дуьйна меттигерчу Iедална дуьхьал йолийначу протесташкахь лаххара а велларг ву 20 стаг. Цхьа полисхо а ву царлахь. Шоьтадийнахь 450 вахархо лаьцна урамашкахь.

Юьхьанца сурсатийн мехаш лакхадарна резабоцуш арабевллера гIажарой, тIаьхьо маьршша дIахьедора халкъо шаьш Iедална дуьхьал хилар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG