ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Гуьржийн Iедало лаьцначу ПIаьнказарчу вахархочун могушалла иэшна


Гуьржийчоьнан кхерамзаллан белхахоша лоцучу хенахь белшах а, коьртах а герз кхеттачу ПIаьнказарчу вахархочун Мачаликашваили Тамирланан могушалла иэшна йогIу аьлла, хаамбина журналисташка цуьнан лоьро Лурсманишвили Зазас. Террорхошца зIенашкахь хилла аьлла, бехкевеш ву иза.

Леринчу медицинан препаратийн гIоьнца латтош ву 19 шо долу жимстаг дарбан хIусамехь. Оьрсийчуьрчу а, Туркойчуьрчу а нейрохирургашна шен кIентан могушаллин таллам байтар доьху цуьнан дас.

Лоьро бахарехь, Мачаликашвилин диагностика йина массо а кехаташ кхечу пачхьалкхашкарчу лоьрашна гайта дIадахьийтина ду. Цкъачунна цаьргара жоп данза ду.

Оцу юкъанна лазийнарг Iуьллучу Архангел Михаилан цIарахчу клиникан директорна хетарехь, цхьана а лоьрашка хийцалур дац цуьнгахь тахана лаьтта хьал.

Кху беттан 22-чу дийнахь кхайкхийна яра Мачаликашвилин кхелан кхеташо, амма цуьнан адвоката бахарехь, дIататта дезар ду и цхьана ханна.

Гуьржийчоьнан къайлахчу сервисаша Тбилицехь леринчу операцехь лецира Мачаликашвили Тамирланца цхьаьна Горнакашвили Зураб а, Алдамов Руслан а, Маргошвили Рамаз а, Чопанашвили Бадур а, Чатаев Ахьмад а.

Ша лоцучу хенахь дуьхьало йина хилла Мачаликашвилис. Куьйга йинчу гранатаца ша шен эккхийтар дан гIертачу хенахь, спецназо герз тоьхна, лазийнера иза.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG