ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчоьнан тIеман кема доьжна Шемахь


Байначу беттан 31-чохь Ми-24 Оьрсийчоьнан тIеман кема доьжна Шемахь. Кеманчуьра веллачу шиннах дIахьедо Conflict Intelligence Team дуьненаюкъарчу талламан тобано, социалан машанашкарчу а, леринчу форумашкахь а бинчу хаамашна тIе а тевжаш. Веллачех цхьаъ майор Кулиш Артем ву, шолгIачун фамили Матвеев ю.

2015-чу шарахь дуьйнна Оьрсийчоьно тIеман операци ю дIахьош Шемахь. Байначу баттахь тIеман министро Шойгу Сергейс дIакхайкхийра. Шемара оьрсийн доккха дакъа арадаьккхина хиларх а, Хмеймим, Тартус олучу тIеман базанашкахь даим латто тобанаш вовшахтухуш хиларх а.

Официалехь дуьйцуш дац, Оьрсийчоьнан мел ницкъаш бу Шемахь латтош. Иштта къайлах ду цигахь эгначийн терахь а.

Хаамийн гIирсаша даржорехь, цхьана дахначу шарахь Шемахь вийна 40 оьрсийн эскархо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG