ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къилба Корейн лидерна жоп делла Iамеркан президенто Трампа


Къилба Корейн лидеро шен стоьла тIерачу зарратан нуьйданех аьллачунна дуьхьал жоп делла Iамеркан президенто Трамп Доналда.

"Мацалло гIелдинчу, якхдинчу хьелашкахь къам латточунна" Твиттерерчу шен агIон тIехь Трампа хьоьху, Ын Чен Киме дIахаийтар, Iамеркан президентан а зарратан нуьйда хиларх. Цул совнах, иза цуьнчул а йоккха а, нуьцкъула а, болх беш а хиларх а.

Керлачу шарца шен декъалдарехь, Къилба Корейн президенто дIахьединера, 2017-чу шарахь къоман зарратан ницкъаш кхоьллина шаьш довларх. "Сан белхан стоьла тIехь зарратан нуьйда ю", - аьллера Ын Чен Кима.

Байначу беттан тIаьххьарчу деношкахь Iамерко шаьш Къилба Корейна тоьхна санкцеш дIашорйира.

Цунна тIаьххье, ООН-ан Кхерамзаллан Кхеташоно а дозанаш туьйхира Пхеньянна, цара баллистикан ракета зерна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG