ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Мачаликашвилина дарба лело лор кхаьчна Гуьржийчу


Гуьржийн ницкъаллийн структураша лерина операци дIахьочу хенахь лаьцначу Мачаликашвили Тамирланна дарба дан кхайкхина веана кхечу пачхьалкхера лор. КIентан дас Мачаликашвили Малхаза хаамбарца, Iамеркан Цхьанатоьхначу Штаташкара веанчу лоьро тахханехь зуьйр ю кIентан могушалла.

"Хьал цкъачунна вуон ду, хIетте а дегайовхо ю тхан цунна гIоле хир ю аьлла. Соьга бинчу хаамашца, Iамеркара лор схьакхаьчна", - аьлла дархочун дас "Грузия онлайн" хаамийн гIирсе.

Спецопераци йоьдучу хенахь лаьцна 19 шо долу Мачаликашвили Тамирлан реанимацехь латтон борхIалгIа де а ду. Шен садоIийла цуьнан тоьаш цахиларна, аппарата бухахь латтош ву иза.

Ша лоцучу хенахь дуьхьало йина хилла Мачаликашвилис. Куьйга йинчу гранатаца ша шен эккхийтар дан гIертачу хенахь, спецназо герз тоьхна, лазийнера иза.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG