ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь полисхойн хьаькам вийнарг каравеана Росгвардина


Кхаарийн суьйранна Шела кIоштарчу полисхойн декъан хьаькам вийна Баймурадов Хьамзат вийна карийна Эвтара эвлан йистехь, хаамбо ТАСС агенталло, Нохчийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министрна тIе а тевжаш.

"Ницкъаллийн структурийн белхахоша Росгвардин эскархошца лерина операци дIахьочу муьрехь полисхойн хьаькамна герз тоьхнарг вийна", - аьлла министро.

Цо бахарехь, хьалха а кхелах ваьлла 27 шо долу Баймурадов Хьамзат Шела кIоштарчу Эвтаран йистехь хаавелла хилла.

Маршо Радионо кхааридийнахь хаамбинера, "Кавказ.Реалии" порталан информацица, Шела кIоштарчу Эвтарахь динчу тIелатарехь цигарчу территорин полисхойн декъан куьйгалхо Устарханов Абубакар вийна аьлла.

Вийначун Iаьржачу басахь хилла К7552РА Камри машенчу а хиина, къайлавала кхиинера Баймурадов.

Болчу хаамашца, кхачан-сурсатийн туьканчуьра Устарханов араволучу хенахь тIехьашхула герз тоьхна хилла цунна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG