ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Соьлж - ГIалахь корах чу герз кхетта йоI йийна


Кху корах чукхетта тилкхаза даьндарг
Кху корах чукхетта тилкхаза даьндарг

КIирандийнахь Керлачу шеран буьйсанна корахчу тоьхначу герзо йийна Соьлж-ГIаларчу школан 9-чу классера дешархо Д. Маршо Радион хьостано дийцарца, микрорайонерчу шайн хIусамехь хIума кхоллучу чоьнахь гIентахь хиина Iен йоI корах чукхеттачу молхано йийна. Дуьххьалчу цIачуьра Керла шо даздеш, герзаш деттачу 20 шо долчу Росгвардин декъан эскархочун карах ларамза кхетта герз.

Кхаарийдийнахь Гуьмса-кIоштахь лаьтте кховдийна елларг.

Карарчу хенахь бехкениг лаьцна, зуламна гонах талламаш бу дIахьош.

Маршо Радионе Росгвардин пресс-гIуллакхочо бахарехь, байначу баттахь эскарера мукъаваьккхина хилла и кIант.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG