ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Сандерс: КIайчу цIийнан шеконаш ю, Къилбаседа Корейн психика могуш хиларан


Къилбаседа Корейн лидерх Ын Чен Кимах а, цуьнан зарратан нуьйда хиларх а Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн президента Трамп Доналда динчу дIахьедаршна тIе а хIуттуш, йистхилла КIайчу цIийнан пресс-секретар Сандерс Сара.

Цо бахарехь, КIайчу цIийнехь шеконаш лаьтта Къилбаседа Корейн президентан психикан хьал дика хиларца.

ХIун ду бухе диллинарг президентан администрацино Ын Чен Киман могушаллех ишта вердикт тIеэцаран аьллачу хаттарна жоп ца делла Садерса.

Иштта цо билгалдаьккхина Трампа ша тIелаьцнарг кхочушдеш хилар а, Iамеркахой Iалашбеш хилар а.

Керлачу шарца шен декъалдарехь, Къилба Корейн президенто дIахьединера, 2017-чу шарахь къоман зарратан ницкъаш кхоьллина шаьш довларх. "Сан белхан стоьла тIехь зарратан нуьйда ю", - аьллера Ын Чен Кима.

Къилба Корейн лидеро шен стоьла тIерачу зарратан нуьйданех аьллачунна дуьхьал жоп деллера Iамеркан президенто Трамп Доналда.

"Мацалло гIелдинчу, якхдинчу хьелашкахь къам латточунна" Твиттерерчу шен агIон тIехь Трампа Ын Чен Киме дIахаийтар дийхира, Iамеркан президентан а зарратан нуьйда хиларх.

Цул совнах, иза цуьнчул а йоккха а, нуьцкъула а, болх беш а хиларх а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG