ТIекхочийла долу линкаш

Харц яржочу информацина а, интернетехь цунна пропаганда ярна а дуьхьал керла низам юкъадоккхур ду кху шарахь Францино. Хаамийн зорбанашка вистхуьлуш бина и хаам пачхьалкхан президенто Макрон Эммануэла.

Къаьсттина харжамаш дIахьочу муьрехь социалан машанашкахь "эзар аккаунташ" юьлало "пропагандистийн матераилш" яржо, Макрона бахарехь. Цхьа мIаьрго тоьа царна аьшпаш дIасабаржо, политикан а журналистан репутаци сийсазъян аьлла, билгалдаьккхина Францин президенто.

Макронна хетарехь, социалан машанаш декхареян еза шаьш Iорайоккху информаци цIена ю я яц литта а, цунах шайна ахча лучун цIе яккхийта а, царна тIехь контрол латториг вовзийта а. Оцу некъаша таро лур ю кхелан сацамца социалан машан я сайтан администрацина тIедожо контент дIаяккха а, аккаунтна блок хIотто а, аьлла президенто.

Карара шо дерзале фейкашна дуьхьал низаман проект кеч а йина, йовзийта езар ю.

Дахначу шеран Стигалкъекъа-баттахь Макрон Эммануэла оьрсийн пачхьалкхан "Russia Today" а, "Спутник" а агенталлаш бехкейира, харц информацеш яржорна а, царна пропаганда ярна а.

Францин президентан харжамашна кечамаш бечу заманчохь, Макронан штабо оцу шина агенталлан журналисташна аккредитаци ца еллера.

Харжамийн шолгIачу турехь Макронан агIончаша чIагIдора, оьрсийн хакерийн а, дезинформацийн а ницкъаш тIетаIийна кампанина новкъарло ян, аьлла.

Францин харжамашна шаьш юкъагIертар бакъ ца дира Кремло.

XS
SM
MD
LG