ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь кхоъ зиярт схьадиллина


Кунта-Хьаьжина депортаци йина 154 шо кхачарца доьзна кхаа эвлара зиярташ юхадендина Нохчийчохь. Маьждигашкахь КъурIанаш, мовлидаш дешна, зуькарш дина ца Iаш, Веданан кIоштарчу Эртан зиярте а кхечира бахархой, иштта дIасадекъна мискачу нахалахь сагIанаш а.

"Кавказан узел" агенталло бечу хаамца, кху шарахь Кунта-Хьаьжа дагалоцучу барамашкахь иттанашкахь эзар наха дакъалаьцна.

Иштта Веданан а, Куьрчалан а кIошташкахь схьадиллинера нохчийн Эвлияийн а, шейхийн а кхоъ зиярт.

"Веданахь шейхан Узум-Хьаьжин, МахкатIехь Юсуп-Хьаьжин, Куьрчалахь Янгулби-Хьаьжин зияраташ. Цигахь массанхьа а хьалхаваьлла хилла мехкан куьйгалхо Кадыров Рамзан", - аьлла агенталле Нохчийчоьнан муфтиятехь.

Цара бахарехь, и зиярташ мехкан куьйгалхочун омраца юхакечдина, керлачу реконструкцехь ду.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG